Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа а хІума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дІадийцира. ТІаккха Іелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!» Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш. Амма Хьузакх-ЯхІу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхІус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгІазалла ца йира царна. И бахьанехь хьо, синтемца дІа а кхелхина, хьайн дайшна тІевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чохь дІавуьллур ву. Хьан бІаьргашна гур бац Ас кху меттигна тІебоуьйтур болу и берриге а бохамаш›’“». Паччахьна тІедаьхьира и жоп.
Выбор основного перевода