Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гІалахь Іаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. Цу хенахь яхІудхойн паччахьна Асина тІе Делера дерг гуш волу Хьанани веара. Цо Асе элира: «Хьайн Везачу Далла тІетовжар а доцуш, хьо арамхойн паччахьна тІетевжина дела, хьан карара дІадели арамхойн паччахьан эскар. Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац.
Выбор основного перевода