Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо. Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цІийнах бевлла болу къонахой шена тІе схьабалабе аьлла. Уьш хила безара шайн догІмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Іилма Іамо кхетам а болуш, Іилма девзаш а болуш, кІорггера хьекъал а долуш, паччахьан цІа чохь гІуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Іамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а. Иштта паччахьо тІедиллира хІора дийнахь царна шен цІа чуьра мала чагІар далар а, яа хІума ялар а. КхидІа а тІедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дІаяьлча, уьш шена тІебалор а. Цу къонахошна юкъахь бара ЯхІудан тІаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхІу а, Мишаал а, Іазар-ЯхІу а. Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цІераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхІух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Іазар-ЯхІуна Іабди-Нага боху цІе тиллира.
Выбор основного перевода