Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чІагІо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тІе а девлла, иза дола даккхархьама а, Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхІу. Цул хьалха, я цул тІаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхІудхойн массо а паччахьашна юкъахь. Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дІа ца вирзира Хьузакх-ЯхІу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Ткъа сан кІантана Сулимна а лохьа Ахьа цІена дог, Хьан весеташ кхочушдан а, Айхьа дІадоьллун дерг а, Хьан хьехамаш а, уьш дерриге а кхочушдан а, ас кечбинчу гІирсах ян еза гІишло ян а». Ва сан Дела, аса и хІума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цІийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гІуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг! Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цІена хила».
Выбор основного перевода