Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эхартара сан са ара а даьккхина, со денвира Ахь, Веза Эла, коша чу со ца вижийтира. Даудан хьехаме назма. Декъала ву Везачу Эло цуьнан къинош цкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг! Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а, шен синца мекарло йоцу а стаг! Малхбалехьара малхбузенга кхаччалц йолу еха юкъ санна, дІакъастадо Цо вай хьерчийна долу къинош вайх. qac Лqac*еррина Ахь йина йолу кхелаш бакъ юйла хаьа суна, Веза Эла, Хьо суна тешаме хиларна, таІзар а дина Ахьа суна. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Цо мел лелийна вонаш дагадоуьйтур дац. И стаг, ша дина нийса хІуманаш бахьана долуш, вехар ву. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета. Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дІашарйийр ю, Ахь кІорггачу хІорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош. ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама.
Выбор основного перевода