Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кІентех цхьаберш а дІабуьгур бу. Бавелан паччахьан цІахь баьІна ялхой бийр бу царах». Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера, вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера. Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тІаьхьене оха дІадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гІуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хІуманех а лаьцна. Цо Якъубан тІаьхьенна бакъонаш дІахІиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дІабелира. Тхан дайшна тІедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дІадовзийтар. Цу тайпана тІейогІучу тІаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дІадуьйцур а дара. ТІаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гІуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара. Со лийр вац, амма вехар ву, Везачу Элан гІуллакхех лаьцна дуьйцур ду.
Выбор основного перевода