Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Байт-Нимра, Байт-ХІаран. Царах гадахоша чІагІйина гІаланаш йира. Иштта шайн жашна гІотанаш а йира цара. Нил-хи а жимлур ду, арахула догІу хи а, лакъа а лекъна, дІадер ду. Хин татолех вон хьожа йогІур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргІалдулур ду. Нил-хин бердашна тІехь йолу ораматаш а, цигахь дІа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дІаса а даржийна, уьш кхин хир дац. Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хІаллакдина, кемсийн мутт дІалекъна, зайт-дитт а маргІалдоьлла. Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гІайгІане хилийша кІена а, мекхана а, хІунда аьлча хІаллакьхилла кхаш тІехь ялта. Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла.
Выбор основного перевода