Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела со а, ЯІзирера бахархой санна, тийжар ву хІаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бІаьрхиш Іенор ду ас, Хьешбон-гІалара а, ЭлиІала-гІалара а бахархой, хІунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гІовгІанечу самукъадаларан метта тІеман маьхьарий детташ ду. Токхечу лаьтта тІера самукъадалар а, доккхадедар а дІаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дІасацийна. Цундела мерзаша роггІана дагадо пІелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан. Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь. Лухьайте хьалаболучу новкъахь адамаш ца совцуш доьлхуш ду. Хьоронайм тІера боьдучу новкъахь гІайгІане маьхьарий ду хезаш мостагІаша дохор бахьана долуш. Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хІора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву. Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиІалера а адам, церан белхар ЯхІац-гІала кхаччалц дІахезаш ду, иштта ЦІоІар-гІала дуьйна Хьоронайм-гІала а, ІагІлат-Шалши а дІахезаш ду иза. Нимраймара хи а дІасецна.
Выбор основного перевода