Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу хІоттийначу суьртан тогІих болу хаам. Шун бахархошна хІун хилла, уьш берриш а тхевнаш тІе хьала хІунда бевлла, Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гІерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш». Муаби-махкарчу цІенойн хІора тхевнна тІехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хІунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегІа санна, хІаллакбина, – боху Везачу Эло. – Нунавара паччахье а кхечира гІаланах лаьцна беш болу хаам. ТІаккха и паччахь, шен гІанта тІера хьала а гІаьттина, шен паччахьан духар дІа а даьккхина, кхин, вон тІедеача юхуш йолу, бедарш тІе а юьйхина, чим тІе охьахиира. ТІаккха цо Нунав-гІалахь омра дира: «Паччахьан а, цуьнан гонахара куьйгалхойн а сацам иштта бу: адамаша а, хьайбанаша а, стерчаша а, уьстагІаша а хІумма а ма яа, цхьа а беже ма гІо, цхьаммо а хи ма мала», – аьлла. «Массо адамаша вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюха. Даьхнина тІе хІуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХІораммо Далла тІеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гІело а ма е», – аьлла.
Выбор основного перевода