Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Чохь дІаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара. Цо иза лаьттан локхаллина тІехь леладойтура. Цо иза аренаш тІехь хьалаяьллачух дузадора, тІулгах схьа долу моз а, чІогІачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна. Веза Эла, Ахьа сан са Іожаллех кІелхьардаьккхина, сан бІаьргаш – бІаьрхих, сан когаш – ког тасабаларх.
Выбор основного перевода