Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина. Со дІахІоттийнера азалехь дуьйна, юьхьанца, дуьне а кхоллале. Со дуьнен чу даьллера, даккхий хІордаш а хилале, иштта хи тІехъоьху хьостанаш а хилале. Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а шайн-шайн меттигашка дІахІиттадале, латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале. Цо стигал шен метта дІахІотточу хенахь, со цигахь дара, Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хІорд кхуллучу хенахь а, иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а, хІорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара. Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хІордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дІахІоттийначу хенахь а, со цигахь дара. Со Цунна уллохь дара, говза пхьар санна. Веза Эла сох воккхавеш вара хІора дийнахь, массо а хенахь сакъоьрура аса Цунна уллохь. Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со, иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара.
Выбор основного перевода