Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хІунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дІахезча, цара эр ду: „ЭхІ, хІара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“ qac Шqac*аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза. Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тІедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду. Іаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу. Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дІатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а. Хьайн хьекъалаллех тешна ма Іе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар – иза кхетам бу. Хьекъале стаг хІуманах ларлуш а лела, вочух гена а волу, ткъа сонтаниг хьераваьлла а, шех тІех тешаш а лела. Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дІадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу. Хьуна дІахезначу дерригенан а жамІ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хІунда аьлча хІора адамна тІедиллина декхар ду иза.
Выбор основного перевода