Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И массо а тІаьхье дІаяьлча, царах схьабевлла нах тІекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гІуллакх а ца хаьара. Иштта хир ду Іесачун Делера долу дакъа, иштта Делера кхел а хир ю цунна». «Церан мотт, Іад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хІуманна тІаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло. Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу. Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо.
Выбор основного перевода