Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зезаг санна, гучу а волий, маргІалвулу иза. ІиндагІ санна, водий, дІавоьду иза, къайлаволуш. Иза боданах кІелхьарвалалур вац. ЦІеран алуно патарш дакъош долу дитт санна, хир ву иза, ткъа Делан Іаьнаро иза дІавоккхур ву. Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла, цкъа а сенделла дІагІур доцу га санна, хир ву. ЦІеро ча дІакхаллар санна а, екъа буц цІеран алунашкахь дІаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дІасадер ду, хІунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дІатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш. Исраилан халкъ, кхидолу халкъаш санна, хазахетар тІехдолуьйтуш доккха ма де. Хьайн Делах дІа а дирзина, ахьа кхахьпалла леладора. Кхахьпанан алапа хьуна дукхадезара кІа оруш йолчу массо а хьаьттаршкахь. Хьаьттаро а, муттдоккхурго а исраилхой бузор ма бац. Кемсийн мутт царна тоьар ма дац. Уьш Везачу Элан лаьтта тІехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю. Цара Везачу Элана чагІаран сагІа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагІанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цІа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна. ХІун дийр ду аша билгалдаьккхинчу дезачу дийнахь а, Везачу Элана леринчу дезачу дийнахь а? Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь. Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! «ХІара пайхамар сонта ву, – боху цара – Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагІалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела. Пайхамар сан Далла уллохь ву, ткъа иза Эпрайман халкъан ха ду. Олхазарш лецархочун речІанаш массо а некъаш тІехь дІахІиттийна ю, ткъа мостагІалла ур-атталла цуьнан Делан цІа чохь а ду. Кхоччуш телхина къинош ма летийна цара, ГебаІ-гІалахь хиллачу деношкахь санна. Далла дагадогІур ду церан къинош. Церан къинош бахьана долуш, царна таІзар дийр ду. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш. ТІемадаьлла олхазар санна, дІадовр ду эпраймхойн сийлалла: дуьнен чу бер а дер дац, зуда берах а хир яц, церан кийрахь бераш а кхуллур дац. Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дІавирзинчу дийнахь! Цкъа Эпрайман халкъ гина Суна, исбаьхьачу меттигехь дІайийна къона хурма санна, ткъа хІинца цо шен бераш арадаха деза, уьш дайъийтархьама. Ва Веза Эла, бекхам бехьа царна! Стенца царна хьакъдерг дала деза Ахь? Лохьа царна бер ца хуьлу кийра а, дакъаделла накхош а». Везачу Эло боху: «Цара мел деш долу зулам Галгал-гІалахь долийнера. Суна циггахь ца дезаделира и халкъ. Цуьнан зуламе гІуллакхаш бахьана долуш, Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду. Суна иза кхин дезар дац. Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу. Эпрайман халкъ охьатоьхначу диттах тера ду: цуьнан орам бакъабелла, цо кхин стом лур бац. Ур-атталла цара бераш дахь а, церан кийрара схьадевлларш хІаллакдийр ду Аса, мел хьоме уьш царна делахь а». Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хІаллаквина. Ас церан лакха тІера стом а, лахара орам а хІаллакбина. «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.
Выбор основного перевода