Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча, буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела. юхавоьрзур воцучу меттиге со дІакхалхале – бода а, Іожаллин ІиндагІ а долчу махка, Іаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка, серло а боданах тера йолчу махка“». Малхбалехьарчу мохо иза дІаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тІера оцу мохо дІахьокхур ву иза. Къинхетам боцучу мохо иза дІахьоькху, цуьнан караравала гІертачу хенахь. Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тІараш вовшахдетта, иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ». Сатасаро Іесачу нахана безаш болу бода дІалоцу, иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху.
Выбор основного перевода