Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза, Шен долахь берш Цо дІа а ца туьйсу. qac Тqac*ешаменаш абаденналц Іалашбийр бу, ткъа Іесачеран тІаьхье дІаэккхор ю. «Царна дуьхьал гІоттур ву Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Бавелан халкъан цІе а йойур ю, ерриг а тІаьхье а, кІант а, кІентан кІант а хІаллаквийр ву, – боху Везачу Эло. – Иштта боху Везачу Эло: «ДІаязде цу стагах лаьцна, тІаьхье йоцуш волчу стагах санна, шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна, хІунда аьлча цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Дауд-паччахьан цІийнах ша хиларна, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода