Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хІунда лору Ахь со Хьайн мостагІа? Хьо оьгІазвахханчохь хьайн са доу ахьа. Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа, я тарх шен меттера дІахилийта еза ткъа? Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца, Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа. АстагІчух буьйлурш санна, соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора. qac Жqac*ирга хета ойланаш Делан лаамехь болчарна дуьхьал Іесачо йо, уьш шена цабезарна цо царна шен цергаш хьекхайо. qac Шqac*аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза. Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тІедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду. Іаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу. Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гІерта. Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю. И дерриг а хезча, кхеташонехь берш, оьгІазбахна, Тапина цергаш хьекхо буьйлабелира.
Выбор основного перевода