Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цІеххьана тІелеттачу шебахоша хьан даьхни лаьхкина дІадигна, ткъа ялхой тарраш диттина байина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама». Иза вистхилла валале, кхин цхьа геланча а веана, хаам бахьаш: «Стигалара Делан цІе охьа а йоьжна, массо а хьан уьстагІий а, ялхой а дІакхаьллина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама». И стаг вистхилла а валале, кхин цхьа стаг а веана, хаам бахьаш: «Кхаа агІонгара хашадхой тІе а летта, цара эмкалш лаьхкина дІайигна, ткъа хьан ялхой таррашца хІаллакбина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама». ХІара и къамел дина а валале, кхин цхьа стаг а веана, хабар дахьаш: «Хьан кІентий а, зудабераш а дууш-молуш бара шайн воккхаха волу ваша волчохь. ЦІеххьана яьссачу аренгара хьаькхначу мохо цІийнан биъ пен охьабожийра. ЦІа охьадоьжча, хьан бераш цу буха а дахана, дайина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама». Оццу тайпана эрна беттанаш суна билгалдаьхна ду, гІайгІанех юьзна йолу буьйсанаш суна лерина ю. Сан юкъалеларг суна доттагІа хилла дІахІоьттина, Деле а хьоьжуш, ас бІаьрхиш Іенадечу хенахь.
Выбор основного перевода