Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегІах дохкуш. Сан синна хаало церан дІовш, Делан къематаш ду суна тІедерзийна. Цуьнан ардангаш суна тІегІерта, шайна некъ а боккхуш, цара сан четарна го бина. И пха схьабаккха иза хІоттахь, цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь, эццахь евзар ю цунна Іожаллин инзаралла! Къинхетам боцучу мохо иза дІахьоькху, цуьнан караравала гІертачу хенахь. qac Лqac*едарадевлла-кх сан бІаьргаш, бІаьргех хиш охьадарна. Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна. Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна. И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна, Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна, ГІалин урамашкахь Іохкуш хиларна.
Выбор основного перевода