Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, Мика-ЯхІу-пайхамаран бесни тІе тІара а тоьхна, элира: «И бохург хІун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дІакъаьстина ткъа?» ГІаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кІелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагІийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гІуллакхаш дечеран цергаш ма оту. Ижунах а хьаьгна, гІам-гІим дечу лоьмо санна, суна тІе шайн баганаш гІаттийна цара. Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора. Суна хІума олуш берш цхьаьна ма кхетара. Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора. Бахьана доцуш стагаца дов ма даккха, цо хьайна вон ца динехь. Ярушалайман халкъ, мостагІашна дуьхьалдаккха хІинца хьайн эскар! Вайна го лаьцна. Исраил-мехкан куьйгалхочунна юьхь тІе Іаса еттар ю. Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахІалан бета тІе хІума тоха аьлла.
Выбор основного перевода