Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Везачу Эло шайтІане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хІуманах ларлуш ву. Иза хІинца а чІогІа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахІоттийнехь а». Цуьнан хІусамнанас цуьнга элира: «Хьо хІинца а чІогІа хьайн кхачамалла ларъеш ву? Далла ле, тІаккха хьо лийр ву!» Цунна хІума дІадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хІунда до?“ Со бехке вац! Сан бала бац сайна хІуъа хир делахь а, хІунда аьлча суна сайн дахар къахьделла. Дуьххьарлерчу деношкара схьа Со Дела ву. Сан куьйгах цхьаммо а кІелхьарвоккхур вац. Ас динарг хьаьнга юхадерзалур ду?»
Выбор основного перевода