Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара гІуллакх Ахь суна тІедуьллуш хилча, вей, дІаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТІаккха бала хьега дезар дац сан». Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхІу. Схьавеана, жолам-куллана кІел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХІинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДІаэцахьа сан са, хІунда аьлча со сайн дайл хІумма а тоьлуш вац». Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац – аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду, сайгахь болу бала а дІабуьйцур бу. Суна сайн дахар къахьделла. Массо а ханна со вехаш хир вац. Витахь со, хІунда аьлча сан дахар эрна ду. Со адамна арз деш ву? Вац! Со собар доцуш хиларан доккха бахьана ду.
Выбор основного перевода