Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цІенна а, ткъа хІинца хІаллак хІунда во Ахьа со? Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац. Иштта Іесачеран хьехамаш тІеэцар генахь ду суна! Ткъа Цо церан цІенош хьолах хьаладузура. Амма ас церан хьехамаш тІеоьцур бац! Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг, Хьан безаман доза ма дац. Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла! Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду.
Выбор основного перевода