Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. КІоргенера кхойкху ас Хьоьга, Веза Эла. Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тІедухалур дац цаьрга. Церан гІуллакхаш харцонан гІуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг. Цундела дІаала ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хІуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“. ТІаккха цунна тІевеара хинкеманан коьрта хьаькам. «Вижина хІунда Іа хьо? ХьалагІатта, хьайн Деле кхайкха! Хьан Далла дага а даьхкина, вай хІаллак ца хуьлуш дуьсур дац-те?» – элира цо. ТІаккха кхайкхира уьш Везачу Эле: «Доьху Хьоьга, Веза Эла, ма дехьа тхо хІаллак хІокху стеган са бахьана долуш. Нагахь санна хІара стаг бехке вацахь, цуьнан цІий тхох ма хьарчадехьа, хІунда аьлча Ахьа, Веза Эла, Хьайна лиънарг дина дела», – бохуш.
Выбор основного перевода