Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
И гІайгІане дешнаш а хезна, нах тийжа хІиттира, цхьаммо а шен дашо хІуманаш дегІа тІе ца оьхкира. Аюба, хьала а гІаьттина, шена тІера хІуманаш этІийра. Шен месаш дІа а лергина, голаш тІе а хІоьттина, суждане вахара иза. Цу даІ тІе хьакха кхийрачу пхьегІех йолу гериг схьа а эцна, овкъарш тІе охьахиира Аюб. Сан хьоме къам! ТІеюха хьайна сингаттаман бедарш, тІетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кІентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦІеххьана хІаллакдийриг вайна тІелетар ву». ХІордана йистехь йолчу массо а пачхьалкхийн куьйгалхоша, шайн гІанташ тІера хьала а гІевттина, шайна тІера хаза тІамарш тІехь йолу обанаш дІа а яьхна, сингаттаман духар тІе духур ду. Уьш, лаьтта охьа а хевшина, кхерарна, бегош хир бу, хьуна хиллачух цец а буьйлуш. Цара хьуна тІаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тІе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш. ТІаккха доІанца, дехарца, марха кхабарца, сингаттаме хилар гойту бедар юхарца, сайна тІе чим тасарца ас сайн дог-ойла Хьалдолчу Далла тІеерзийра.
Выбор основного перевода