Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Са бІарз а делла, ЯхІушаптис сацам бира Везачу Элах дагавала. Берриге а ЯхІуд-махкахь марха кхаба дезар дІахьедира цо халкъе. Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьІІехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду. ДІахІоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цІа долчу. ГІо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле! ТІаккха тийшира Делах Нунав-гІалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюьйхира. Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бІе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гІаланах?»
Выбор основного перевода