Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Муса лам тІера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхІаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хІун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дІадуьгун долу дела ве тхуна». Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дІа а яьккхина, йоха а йина, хІаллакйина хир ю аьлла, Аса дІахьедар дахь, амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІус а, ЯхІудан халкъо а вийрий Мика-ЯхІу? Хьузакх-ЯхІу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“». Суна билггал хезна Эпрайман халкъ леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Іамийнера! ХІинца со юхадерзадехьа, тІаккха со Хьуна тІе юхавоьрзур вара, хІунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву. Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», – элира Везачу Эло. Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», – элира сан Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода