Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гІаланашна. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догІуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хІордан хи дІадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Іийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ІовгІа а аша хІаллаквинийла а хезна тхуна. И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Іаш буйла а. ХІунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагІчу дийнахь церан гІаланашка кхечира. Цу гІаланийн цІераш яра: ГавІон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯІарим. Цара ЮшаІана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хІара дерриг латта шуна дІа а ло, цу тІехь Іаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хІаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гІуллакх.
Выбор основного перевода