Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн таррашца гІали чохь дийна долу хІума дерриг а хІаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагІий а, варраш а. Юха гІала а, цу чохь долу хІума а цІергахь дагийра. Дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Іамал ечу меттиган хазни чу ехкира. Веза Эла ЮшаІаца вара. Берриг а махкахула гІараваьллера ЮшаІ. Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаІа, ГІай-гІалин массо а вахархо хІаллакваллалц. ГІай-гІала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаІа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Іуьллуш ю и гІала. Иза хезча, паччахь чІогІа кхеравелира, хІунда аьлча шена тІехь паччахьо куьйгалла деш йолу муьлхха а гІала санна, ГавІон йоккха гІала яра. Иза ГІай-гІаланал а йоккха яра, цуьнан бахархой майра нах а бара. Дауда паччахьалла дечу заманчохь махкахь тІекІел кхаа шарахь мацалла лаьттира. Дауда Везачу Эле шен доІанна тІехь дийхира. Везачу Эло цунна жоп делира: «Иза Шаул а, цуьнан къиза цІа а бахьана долуш ду, цо гавІонхой байина дела», – аьлла. ТІаккха паччахьо, гавІонхой шена тІе а кхайкхина, цаьрца къамел дира. (ГавІонхой исраилхойх схьабевлла бацара, уьш эмархойх тІаьхьадисинчу хІух бара. Исраилхоша дуй биънера, царна зулам дийр дац шаьш аьлла, амма исраилхошна а, яхІудхошна а тІевирззина гІайгІа беш волу Шаул уьш хІаллакбан гІерташ хиллера.)
Выбор основного перевода