24
Цара ЮшаІана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хІара дерриг латта шуна дІа а ло, цу тІехь Іаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хІаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гІуллакх.
«Шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дІалохкур ду – хьетахой, гІиргІашахой, эмархой, канаІанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхІ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду.
Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш.