Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Везачу Эло канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тІе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чІагІо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хІара гІуллакхаш де. Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаІанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гІиргІашахой а, эмархой а, явсайхой а. Царна юкъадогІуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Іариба-тогІи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегІаб а. ЮшаІа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Іаш бара хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.
Выбор основного перевода