Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Нохьас элира: «НеІалт хуьлда КанаІанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла. Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша. Цу дийнахь ЮшаІа царна тІедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагІа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.
Выбор основного перевода