Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тІе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тІулгаш дІа а хІиттадай, царна кир тоха. ЮшаІа шайна тІе-ма-диллара, кхочушдира исраилхоша дерриг а. Везачу Эло ЮшаІе ма-аллара, Йордан-хина юккъера шийтта тІулг, исраилхойн хІора тайпанан цІарах цхьацца, схьа а эцна, шаьш буьйса йоккхучу метте дІа а баьхьна, охьабиллира цара. Хьалхарчу беттан уьтталгІачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ. Йордан-хи чуьра шаьш схьаэцна шийтта тІулг цигахь дІахІоттийра ЮшаІа. Цо шийтта тІулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цІе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кІантах девллачу тайпанийн барамехь.
Выбор основного перевода