Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догІуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хІордан хи дІадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Іийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ІовгІа а аша хІаллаквинийла а хезна тхуна. Ахьа тхан дайшна хьалхахь Эрзийн хІорд бекъа а бекъна дІахІоттийра, уьш декъачу лаьтта тІехула чекхбовлийтархьама. Амма тхан мостагІий кІоргачу хІорда чу кхиссира Ахьа, ткъа уьш, тІулгаш санна, дерачу хи буха а бахара.
Выбор основного перевода