Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш. „Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тІехь Ахь деш долу гІуллакхаш а, тамашийна хІуманаш а далуш? И дан деза аша а, шун бераша а, царал тІаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тІедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. ХІунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цІарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а. Уьш богІур бу, кху Хьан цІенна тІе а бирзина, доІанаш дан. ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цІе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТІаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дІахІоттийна хІара цІа Ахь-Айхьа даздина хилар. Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс, Хьан куьг ма онда ду, Хьан аьтту куьг толаме ду!
Выбор основного перевода