Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дІагІур ду, шайн меттиге оха уьш дІабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чІагІйинчу гІаланашкахь дуьтур ду оха. Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь – тІаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь, нагахь герз карахь долу шух хІорра а, Везачу Эло Шен мостагІий дІалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь, Ткъа тІаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тІом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву».
Выбор основного перевода