Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до цхьайтталгІа шо тІекхаччалц гІала го бина лаьттира. Цу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІа де тІекхаьчча, дІахІоьттина мацалла гІалин бахархошна даа хІумма а ца дуьсуш чІогІа яра. Хьо, адаман кІант, машшашца дІа а воьхкур ву, хьо нахана юкъахь ца лелавалийтархьама.
Выбор основного перевода