Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТІаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хІун ду. Йоккхаха йолчун цІе УхІулат яра, жимаха йолчун – УхІулибат. И йижарий Сан бара, цара Суна кІентий а, зудабераш а дора. УхІулат – иза Шамран-гІала ю, ткъа УхІулибат – иза Ярушалайм-гІала ю. УхІулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тІемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу. ТІаккха Аса иза шен безаргийн кара дІаелира. Иза ашурхошца лела марзъеллера, церан кара Аса иза дІа а елира. Цара иза ерзина яьккхира, цуьнан кІентий а, зудабераш а схьадехира цара, ткъа иза ша туьраца йийра. Цунна и таІзар динчу хенахь зударша иза, сийсазйохуш, юьйцура.
Выбор основного перевода