Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тІехь Іаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо. Хьуна гонах меттаметтанаш дІахІиттор ду Аса, тІеман бІаьвнашца хьуна го а лаьцна, схьалацаран гІирсаш хьуна дуьхьал ирахІиттор бу. Цу месех кхозлагІа долу дакъа, гІалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гІалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гІалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тІаьххьара дакъа мохехь дІасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тІаьхьавер ву. Царна гойтуш, хьайн ларча белш тІе а йиллий, Іаржлучу хенахь дІагІо. Хьо муьлхачу агІор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дІакъовла, хІунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дІахІоттийна». ДІаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тІекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дІа а дуьгур ду“. «Адаман кІант! Ярушалаймана дуьхьал вист а хилий, цуьнан езачу меттигашна дуьхьал кхайкхам бе. Исраил-махкана дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Яхьазкхиал масална хир ву шуна: цо диннарг аша а дийр ду. И дерриг а кхочушдича, хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла“». Цу дийнахь хьан йиш хир ю цу кІелхьарваьллачуьнца къамел дан. ТІаккха хьо вист ца хуьлуш вуьсур вац, иштта царна билгало хилла дІа а хІуттур ву хьо. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
Выбор основного перевода