Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иакова
1 2 3 4 5
Параллельные места
Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Іамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хІокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тІехь урхалла хьаьнга далур ду?» ХІума къасто хаар деха хьайна, гІуллакхах кхетархьама, хьайн аз айаде. Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дІалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тІаьхьаваьлла лелахь, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо кхетар ву, Дела вовзар хІун ду хьуна хуур ду. ХІунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу. Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хІума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дІахезар ду.
Иакова
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода