Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иакова
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу». Цунах даккхийдийна а ца Іаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла. Доьналла долуш хиларо къобалдар дахьа, ткъа къобалдаро сатийсар ло. Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хІунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Іанийна. Цу тайпана аша юьхьІаьржачу ца хІоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тІехь. Мелхо а, массо а хІуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили. Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дІадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хІунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дІаер йоцу а хазна шайн юйла. Шу цунах даккхийдеш ду, хІинца кІеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама. Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.
Иакова
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода