Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иакова
1 2 3 4 5
Параллельные места
Декъала ву цхьа эзар кхо бІе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгІна, оцу хене кхочун верг. Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хІуманна тІехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дІадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама. Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж. Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза. Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таІзарна гІайгІане а ма вожа. ЛадогІийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те? ТІаккха, коьрта Іу веача, телхар доцу сийлаллин таж лур ду шуна. Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.
Иакова
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода