Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иакова
1 2 3 4 5
Параллельные места
Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамІ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хІун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХІунда аьлча кхечу стеган хІума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хІума шуна ма дезийла». Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хІума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду. Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тІедиллича, къа денделира, ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тІевалийра.
Иакова
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода