Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иакова
1 2 3 4 5
Параллельные места
Веза Эла! ДІахазахьа сан доІа, сан орца даккхар Хьо волчу дІакхочийла. Сан денош къайладолу ІиндагІ санна ду, со, буц санна, вакъавелла дІаваьлла. Озо боху: «ДІакхайкхаде!» Ас хоьтту: «ХІун кхайкхо деза ас?» «Кхайкхаде, хІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, Везачу Эло царна тІе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду». ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хІунда аьлча тахана долуш долу дуьне дІадолуш ду. ХІунда аьлча аьлла ду: «ХІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу,
Иакова
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода