Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Цуьнан, ХІадаси цІе а йолуш, ден вешин йоІ хилла. ЙоІан я да а, я нана а ца хилла, цундела иза Мардахайс дола деш лелош хилла. ХІадасин дай-наний кхелхинчул тІаьхьа, цо шен йоІ санна лелош хилла иза. ХІадасин, Эсират аьлла, кхин а цхьа цІе йоккхуш хилла. Цуьнан юьхь-сибат а, дегІ а чІогІа хаза а, куц долуш а дара. Цул тІаьхьа паччахь волчу Ахьаш-Варуша, чІогІа сий деш, хьалаайинера агІагхо волчу ХІамдатин кІант ХІаман. Цо иза, массо а элел а лакхара вина, дІахІоттийнера. ХІора пачхьалкхана чуйогІуш йолчу меттигехь цу кехат тІехь дІаязбина сацам, нахана хьалха дІа а бешна, гучубаккха безаш бара, уьш цу дийнахь кийча хилийтархьама. Паччахьан омрица массо а геланча сихха новкъа велира. Паччахьан сацам Шушан-гІалин гІопахь долчу халкъана дІабийшира. Паччаххьий, ХІаманний молуш Іаш вара, ткъа Шушан-гІалахь дехаш долу адамаш карзахдевлла хьийзаш дара. Эсират йолчу а баьхкина, божарех а, зударех а болчу кхуьнан ялхоша Мардахайх лаьцна дийцира. ЧІогІа саготта яра Эсират. Цо Мардахайна тІеюха хІума яхьийтира, цуьнга, шена тІера сингаттаман духар дІа а даьккхина, уьш тІеюхийтархьама. Амма Мардахайс уьш схьа ца ийцира.
Выбор основного перевода