Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кІанта ЮшаІа а, Епунин кІанта Килаба а шайн бедарш этІийра. Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тІера бедарш этІийра, и хІума чІогІа халахетарна. Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тІера бедарш этІа а яй, шаьш гІайгІане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дІахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тІаьхьахІоьттина воьдуш вара. Оцу массо а дешнашка ла а доьгІна, Ахьаба шена тІера бедарш этІийра. Цо шена тІе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дІа а вуьжуш, чІогІа сингаттаме вара. Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХІамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьІІехь дІасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Іедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дІахІоттийна долу Іедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу. Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хІаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дІадала». ТІаккха паччахьо шен пІелга тІера мухІар, схьа а даьккхина, жуьгтийн мостагІа волчу а, агІагхо волчу а ХІамдатин кІанте ХІамане дІаделира. Цо иза, жуьгтий хІаллакбе аьлла, шен омра чІагІдеш дІаделира. ТІаккха тийшира Делах Нунав-гІалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюьйхира. Нунавара паччахье а кхечира гІаланах лаьцна беш болу хаам. ТІаккха и паччахь, шен гІанта тІера хьала а гІаьттина, шен паччахьан духар дІа а даьккхина, кхин, вон тІедеача юхуш йолу, бедарш тІе а юьйхина, чим тІе охьахиира. Цара хьуна тІаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тІе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш.
Выбор основного перевода