Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Суьйранна иза паччахь волчу буьйса яккха дахаза долчу зудаберашна юкъара йолий, паччахь волчу чуйоьдуш хилла, ткъа Іуьйранна паччахьан зударий болчу дІайоьдуш хилла, ШаІа-Шагиз бохуш цІе а йолуш, паччахьан гІарбаш-зударшна тІехь Іуналла деш волчу ваьІна ялхочун куьйга кІел. Паччахьан цІа чу кхин йоьдуш ца хилла и йоІ, цо цІе а яьккхина, цуьнга дІакхайккхалц. КхозлагІчу дийнахь Эсират, шен паччахьан зудчун бедарш тІе а юьйхина, паччахь чохь волчу цІийнан чухуларчу кертахь дІахІоьттира. И меттиг паччахьан чоьнна нийсса дуьхьал яра. Паччахь шен гІанта тІехь Іаш вара паччахьан цІа чохь, нийсса чувогІийла йолчу меттигна дуьххьал. Цо, шена Эсират гича, цунна реза а хилла, иза йолчу агІор шен карахь йолу дашо гІаж дІакховдийра. Эсират, тІе а еана, цу дашочу гІожан йистах дІахьакхаелира. Паччахьо хаьттира: «ХІинца мила ву кертахь?» Цу хенахь паччахьан цІийнан арахьарчу керта ХІаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бІогІам тІе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера. Паччахьо шен дашо гІаж Эсиратана тІе хьажийра. Эсирата, хьала а гІаьттина, паччахьна хьалха дІа а хІоьттина,
Выбор основного перевода