Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Ваха а гІой, Шушан-гІалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тІера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тІаьхьа со паччахь волчу гІур ю, иза Іедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю». И кехаташ яздаран Іалашо Пурим олу деза де цхьана билгалъяьккхинчу хенахь даздар хилла. Паччахьан зудчо Эсирата а, жуьгтий волчу Мардахайс а дІадахьийтина хилла шайн сацам тІехь болу кехаташ. Цу тІехь цара массарна а тІедиллира, и деза де шайна а, шайн тІаьхьенашна а цхьана билгалъяьккхинчу хенахь дазде аьлла. Кехат тІехь яздина дара, цу деношкахь цара марханаш кхаба а, белхар дІахІотто а деза аьлла. Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргІало санна, шен корта охьатаІабен а, шена кІел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де? ТІаккха доІанца, дехарца, марха кхабарца, сингаттаме хилар гойту бедар юхарца, сайна тІе чим тасарца ас сайн дог-ойла Хьалдолчу Далла тІеерзийра. «Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгІазло вайна тІера дІа а яьккхина, вай хІаллак ца деш дита мега Цо».
Выбор основного перевода