Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьо Эсиратан сийнна доккха той хІоттийра, цига массо а элий а, баьччанаш а кхойкхуш. Массо а шен пачхьалкхан меттигашна цо цхьа деза де дІахІоттийра. Ша комаьрша паччахь хиларе терра, цо дукхахболчарна совгІаташ дахьийтира. Эзарнашкахь болчу шен уллорчу куьйгалхошна доккха той хІоттийнера Белшацар-паччахьо. Эзарнашкахь болчу хьешашца цхьаьна чагІар мийлира цо. ЧагІаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цІийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегІаш чуяр тІедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гІарбашашка а маларш мийлийтархьама. ТІаккха Ярушалаймера Делан цІийнера еана йолу и дашо пхьегІаш чуеара. Цуьнан уллорчу куьйгалхоша а, цуьнан зударша а, цуьнан гІарбашаша а царна чуьра маларш мийлира. ЧагІар а муьйлуш, деших а, детих а, йоьзах а, эчигах а, дечигах а, тІулгах а бина болу шайн деланаш базбора цара.
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода