Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Шайн сакъераделлачу меттехь цара элира: «Схьакхайкхал Шамшоне вайн самукъадаккхийта». Тутмакхийн цІа чуьра Шамшон кхайкхина схьавалийра. Церан самукъадоккхуш вара иза. Шамшон цара шина бІогІамна юккъехь дІахІоттийра. АбигІал Набал волчу схьаеара. Ткъа кхеран цІахь доккха той дара. Набалан дог сакъералуш дара, иза чІогІа вехна а вара. Іуьйре тІекхаччалц, доца а, деха а цхьа дош ца элира АбигІала Набале. Абушалама шен ялхошна тІедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагІар меллачул тІаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТІетоха цунна“, – аьллачул тІаьхьа, Амнан, вей, дІаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хІума аса тІедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила». Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кІентех цхьаберш а дІабуьгур бу. Бавелан паччахьан цІахь баьІна ялхой бийр бу царах». Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тІехь долу гІуллакх деш волчу хенахь, цунна хиира, паччахьан цІа чу боьду некъ ларбеш болчарах ши гІаролхо волу БагІтани а, Тараш а, Ахьаш-Варушана оьгІаз а вахана, иза вен барт беш вуйла. Цу тептар тІехь дІаяздина дара Ахьаш-Варуш вен дагахь паччахьан чоь ларъеш болчу ялхоша БагІтанис а, Тараша а къайлаха бина хиллачу бартах лаьцна а, и хІума Мардахайна хаар бахьана долуш, цара бина болу барт кхочуш ца хиларх лаьцна а. Паччахьан ваьІначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХІаманан цІенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бІогІам бу. Иза ХІамана паччахь воьчуьра кІелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хІоттийна бу». ТІаккха паччахьо элира: «ХІаман цу бІогІам тІехь ирхъолла!» Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цІийнах бевлла болу къонахой шена тІе схьабалабе аьлла.
Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Выбор основного перевода